Махкахь медицинин туризм кхиоран декъехь къахьоьгур ду

Медицинин туризм вайн республикехь кхиоран декъехь къахьоьгур ду.

Оцу хьокъехь хаам бина Могашалла Ӏалашйаран декъан куратор а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс а йолчу Кадырова Хутмата.

И гӀуллакх цо дийцаре дина Туризман министраца Байтазиев Муслимца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

«Россин гӀаланашкара а, кхечу мехкашкара а нах а богӀуш, могашалла меттахӀотторан башха меттигаш йу вайн. Цигахь санаторин а, курортан а дарба лелийна ца Ӏаш, медицинин реабилитацеш а йо«, — йаздина Кадырова Хутмата.

Иштта, и дакъа кхиорца боьзна шен хьежамаш а бовзийтина цо оцу цхьаьнакхетарехь.

«Нохчийн Республикехь медицинин туризм кхиоран концепци кечйар, шуьйрачу хаамийн гӀирсаш а, блогерш а йукъаозор, Туризман министерствос а, хьокъала долччу медицинин хьукматаша а Йерригроссин мероприятешкахь дакъалацар«, — дийцина Кадырова Хутмата.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: