
Йерригроссин «Мотт — халкъан са» конкурсехь толам баьккхина Кадырова Эсета.
«Нана» цӀе йолу нохчийн маттахь байт а, цуьнца йогӀуш видеокийсак а йара цо конкурсан жюрин кхиэле йахьийтинарг.
Толамца иза декъала а йеш, совгӀат дӀадаларан болх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин Дешаран туьшахь дӀабаьхьна.
Цигахь, толамхочунна совгӀат дӀа а луш, дакъалецира Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.
Цул сов, классан а, туьшан а дахарехь жигара дакъалоцуш хиларца а догӀуш, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Сийлаллин грамотица 5-чу классан дешархо Кадырова Ӏашура а билгалйаьккхина.
«Мотт — халкъан са» санна йолу конкурсаш тӀекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорехь Ӏаькъаме хилар билгалдаьккхина оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.