
Луларчу Украинехь Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера.
Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.
Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь (РУС), Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.
Царах цхьаболчарна иза керла дара, ткъа вукхарна — шайн хаарш тӀедузар.
Парламентан спикера Даудов Мохьмада а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана а дакъалаьцна лаамхой новкъабахарехь.
ТӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ: +7(925)661-77-77; +7(925)319-77-77; +7(925)328-77-77.