Конкурсийн толамхой билгалбаьхна

Бекарг беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалин №5 йолчу гимназехь даздаран хьолехь дӀаберзийна хьехархошна йукъахь дӀахьош йолчу Йерригроссин «Россин шеран хьехархо–2023» конкурсан муниципальни мур. Иштта дIайерзийра гӀалин «Къона хьехархо–2023» корматаллин конкурс а.

Конкурсаш дӀайерзоран даздаршкахь дакъалоцуш бара школийн директорш, Соьлжа-ГӀалин дешаран хьаьрмин векалш, хьехархой.

Даздаршкахь дакъалецира Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаменатн хьаькама Ахматов Зелимхас а.

Х-М.Кадыровс шен къамелехь билгалдаьккхира хьехархоша дешаран хьаьрма кхиорна йукъа доккха дакъа дуьллуш, хьанала къахьоьгуш хилар. Къоман кхане кхиорехь хьехархочо лелош долчу маьӀнах лаьцна а дош элира цо.

«Хьехархочо кхуллуш ду къам!» – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьллачу дешнаша кхачам боллуш гайтина хьехархочо вайн халкъан оьздангалла а, культура а, дешар а кхиорехь лелош долу маьӀна а, мах а. Тахана дерриге а дуьненна ма-гарра шен ден некъ хьакъ ма-дду дӀахьош ву цуьнан кӀант Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Дешаран хьаьрма кхиамца кхуьуш йу. Вайн хьехархойн зеделларг довза лууш хуьлу Россин кхийолу субъекташ, ткъа хьехархойн практикех федеральни тӀегӀанехь а пайда оьцуш бу», – элира Х-М.Кадыровс.

Цул тӀаьхьа хьехархойн шина а конкурсан толамхой а, лауреташ а билгалбехира.

Иштта, Йерригроссин «Россин шеран хьехархо–2023» конкурсан муниципальнин муьрехь тоьлла Соьлжа-ГӀалин йукъарчу дешаран №60 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Тепсуркаева Залина, ткъа лауреаташ хилла: Соьлжа-ГӀалин йукъарчу дешаран №28 йолчу школин обществознанин хьехархо Изнауров ЯрагӀи, Соьлжа-ГӀалин йукъарчу дешаран №7 йолчу школин ингалсан меттан хьехархо Яндиева Бэлла, Соьлжа-ГӀалин йукъарчу дешаран №12 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Цугаева Элина, Хь.Ибрагимовн цӀарахчу Математикин школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Хажмурадова Мадина.

ГӀалин «Къона хьехархо–2023» корматаллин конкурсехь тоьлла Хь.Ибрагимовн цӀарахчу математикин школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Музаев ИсмаьӀал, ткъа лауреаташ хилла: Соьлжа-ГӀалин Н.Навзарбаевн цӀарах №1 йолчу лицейн оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Гехаева Сацита; Соьлжа-ГӀалин йукъарчу дешаран №13 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Ибрагимова Индира; Соьлжа-ГӀалин Ю.Дешериевн цӀарахчу Лингвистикин школин ингалсан меттан хьехархо Эльмурзаева Амина; Соьлжа-ГӀалин Н.Назарбаевн цӀарах №1 йолчу лицейн биологин хьехархо Асакаева Асет.

Толамхошна а, лауреаташна а коьрта совгӀаташ дарал сов, Баркаллин кехаташ а, зезагийн курсаш а луш, ахчанца совгӀат а дира.

Хьакъ долччу тӀегӀанехь дӀадаьхьира конкурсаш йерзоран даздарш. Вайн республикин хьехархой кийча бу керла лакхенаш йаха а, толаман меттигашка кхача а!

З.ХИЗИРОВА
№22, шот, бекарг беттан 25-гIа де, 2023 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: