
Москвахь дийцаре дина вайн республикехь Къоман «Даймохк» парк кхолларца доьзна гӀуллакх.
Оцу балхана лерина цхьаьнакхетар хилла РФ-н Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, экологин а министран А.Козловн а, НР-н Премьер-министран М.Хучиевн а.
Федерацин маьӀна долуш хир йолу и парк мехала хир йолуш йу Нохчийчоьнна, хӀунда аьлча, меттигера ораматийн а, дийнатийн а башхаллаш Ӏалашйан а, садаӀаран а, туризман а хьелаш кхолла а аьтто бийр бу иза кхолларо.
Малхбузерчу дозанашца йолчу кӀоштийн дозанашкахь дӀатарлур йолу и парк Ӏалашдечу Ӏаламан майданан тӀегӀанехь хир йу.
Цо дӀалоцур йу 20 эзар сов га меттиг.