
«ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» программин гурашкахь спортан а, воркаутан а майданаш йина Ульяновски олучу йуьртахь.
Невран кӀоштан администрацин векалша билгалдаккхарехь, оцу комплексо дӀалоцург 700 м² сов меттиг йу.
Иштта, спортан майда мини-футболах а, баскетболах а, волейболах а ловза аьтто болуш хилар а хаийтина цара.
Меттигерчу бахархошна а, хьешашна а боккха кхаъ хилла цунах.