Ас дозалла до Ахьмад-Хьаьжа сайна вевзина хиларх

di-kiss_s_s

Вайн республикехь тахана бохучу кхиамийн хьесапаш дечу хенахь вайх хIоранна а дагатосу гена дала кхиаза долу дIадаханарг, дагадогIу дерриге а стенна тIера дIадоладелира, когахIитта маца дуьйладелира. ХIокху некъана юьххьехь лаьтташ вара республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа. 2000-чу шеран 12-чу июнехь Россин Президентан В.В.Путинан указца Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийра иза.

Оцу денна тIера дуьйна схьа ягаръеш ю вайн республикин керла истори. Ткъа тахана Нохчийчоь экономикин а, социальни а кхиарехь сихха лакхенаш йохуш ю. Толуш, хазлуш, токхлуш ду дахар.

Хьал шен болатчу мIарашца схьалаьцна, ондда карахь латтош хилла зама ирча гIан хилла д1аяьлла. Цу хенахь хиллачу къизаллин, кегарийн тахана сурт хIотто а хала ду. Вайн халкъан доккхах долу дакъа, вайн махкахь кхидIа йолчу хенахь шайн аьтто а, синтем а хирг хиларх дог диллина, дуьне ма-дду бевлла лелаш дара. Ткъа дIаваха аьтто боцург кхерамехь Iаш вара, рогIера сингаттам тIекхачаре ладоьгIуш. Нохчийн юкъаралла шина я кхаа декъе екъна ца Iаш, харц Iедало масийтта декъе а екъна, вовшашца къовсамехь яра. Адамаш тайп-тайпанчу тобанашка декънера республикехь урхалла деш лаьттинчу декъазчу ражо.

Оцу хьолехь, гуобаьккхина еккъа цхьа халонаш, сингаттамаш, гIайгIанаш, чолхаллаш йолуш, уьш д1аяха цхьа а некъ ца гучу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан коьрте хIоьттира, шена гуонаха тешаме белхахой гулбира. Царна хьалха билггал декхарш хIиттийра. Уггаре коьртаниг – билгалбаьккхира бIеннаша галморзахаллаша, иттаннаша ца кхетарша, вовшашна юккъехь йолчу ваьснаша масийтта декъе декъна хилла нохчийн халкъ жим-жима тухуш цхьаьнатуху долу некъ.

Республикехь контртеррористически операцеш дIахьочу Iаламат чолхечу хьелашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цо куьйгалла дечу Администрацин декъашхойн а ницкъ кхечира социальни а, экономикин а декхарш кхочушдан, къепе ярна а, юкъараллин кхерамазалла чIагIъярна а оьшу хьелаш кхолла.

«Ас цхьаьнгга а хьийзадойтур дац нохчийн халкъ» – аьлла, цо дина майра дIахьедар цуьнан политикин коьрта къилба а, машар барехьа, барт барехьа бина ондда кхайкхам а бара.

Нохчийн халкъан мостагIаша шаьш шайн Iехадора А-Хь.Кадыров а, цуьнан правительство а проблемийн дукхалло са а дукъдина, республикехь машар а, барт а ца балуш, социально-экономически декхарш кхочуш а ца далуш юьсур ю бохуш.

Амма, республикин Куьйгалхо, хьалха муфти хилла волу, къаьсташ вара пачхьалкхан барамехь хьеса дан хууш хиларца. Иза цу сохьта заманан лехамийн духе кхуьура. Цунна дIа ма хьаьжжина евзара адамийн дог-ойла. Церан аьтто барна тIехьажийна бара правительствон болх.

Веккъа иза ву, кхин цхьа а вац референдум дIаяхьаран вуно халчу декхарца ларийнарг. Цу референдумехь теийцира Нохчийн Республикин Конституци. Цо куьйгалла деш а, дуьххьалдIа дакъалоцуш а кечйина яра иза. Оцу коьртачу законца тахана ехаш а, кхуьуш а, хазлуш а ю вайн республика.

Вовшашца галморзахаллаш йолчу хиламийн дорца юккъехула Ахьмад-Хьаьжас правительство а, халкъ а Iедалан лигитимни органаш вовшахтохарна тIе дуьгура. Цо уьш вовшах а туьйхира. 2003-чу шеран октябрехь дерриге а халкъан цхьабарт хуьлуш Нохчийн Республикин Президент хаьржира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цул тIаьхьа вовшахтуьйхира Нохчийчоьнан правительство.

Стагехь доллуш дерг тIе ма хьаьжжина хууш, цуьнан таронаш, корматаллин тIегIа девзаш волчу Ахьмад-Хьаьжин аьтто белира министерствийн, ведомствийн куьйгалле шайна хьалха хIиттийна декхарш хьанал, доггах, лаккхарчу тIегIанехь кхочушден долу адамаш хIитто. Нохчийн милици кхолларан юьххьехь лаьттинарг иза вара. Тахана, цунна кхочуш ду республикехь къепе а, кхерамазалла а хилийтирна кхачояран коьрта дакъа.

Ахьмад-Хьаьжас нохчийн халкъан дуьхьа гайтинчу хьуьнарийн маьIна, мах хадийна ца валлал, доккха ду. Ма-дарра аьлча, цо билгалъяьккхина ю республика кхиоран стратеги. Цунна ондда бух а боьттина Ахьмад-Хьаьжас. Байттамал яI! Дахаро ца моьттург до. Иштта цIеххьана, дагахь доцуш вайна юккъера Iожалло дIаваьхьира Ахьмад-Хьаьжа а. 2004-чу шеран 9-чу майхь ног ца тухуш сецира нохчийн халкъан бакъволчу къонахчун дика, комаьрша, майра дог. Сецира дерриге а халкъ делхош, дохош, хьере деш.

Амма, Делан къинхетамца, вайн ирсана ден гIуллакх дIакхехьар шена тIелецира цуьнан кIанта Кадыров Рамзана. Цуьнан хьуьнар а, похIма а доллу, шен дас дIаболийна хилла некъ дIабаьхьна ца Iаш, таханлера хьелаш а, лехамаш а хьесапе а оьцуш, царна керла маьIна, керла мехаллаш чу яхка хаарехь, халкъан барт кхин а чIогIа чIагIбарехь.

daudov-300x199

И бахьанехь, цуьнан куьйгаллица я гIенах а, я самах муххале а гур бац аьлла хетачу кхиамашка кхечира вай экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь, кхиорехь, Республикин Куьйгалхочун даржехь цо болх беш болу мур туьйранах бакъдерг даран мур бу. Тахана вай деха зазадоккхучу, бертахьчу республикехь. Кхузахь къинхьегаман хьуьнарш – хIора дийнан бакъдерг ду. Ткъа машар а, барт а – дахаран бакъдерг ду.

Кадыров Рамзана вовшахтоьхна лаккхара корматалла йолу, экономикин а, социальни а муьлхха а декхар кхочушдан хьуьнаре йолу правительство. Нохчийн Республикин Администрацис, пхиайтта  шо хьалха кхоьллина хилла йолчу, гIуллакхаш хьакъ ма-дду кхочушдо цо. Регионан Куьйгалхочун тIедахкарш кхочуш а деш правительствос чекхдоху мел чолхе а гIуллакхаш. Уьш тIехьовсийна ду адамийн хьал-дахар тодарна, кхочушдаран Iедале федеральни органашца цхьаьнагIуллакхаш дайтарна. Р.Кадыровн куьйгаллица кечйо Нохчийн Республика социально-экономически кхиоран программаш, билгалдоху цхьамогIа мехала некъаш.

Ахьмад-Хьаьжин Рамзана доккха маьIна лелийна ца Iа деккъа социально-экономически дакъа кхиоран гIуллакхашкахь, кхин а доккха ду цо политикехь лелош долу маьIна. Цуьнан куьйгаллица дIадаьхьна республикехь Iедалан демократически органаш кхоллар: харжамаш бина Нохчийн Республикин Парламенте а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органашка а. Цул совнаха кхиамца кхочушдеш ду культура, дешар, Iилма, спорт кхиоран гIуллакхаш. Вуно даккхий декхарш кхочушдеш ду кегийрхой ийманехь, оьздангаллехь, патриотически ойланехь кхетош-кхиоран декъехь.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Россин Турпалхо Кадыров Рамзан тахана боккха сий-ларам болуш ву Россехь хьовха, дерриге а дуьненахь. И сий-ларам тIеттIа лакхаболуш а бу.

Ас дозалла до сайна Ахьмад-Хьаьжа вевзина хиларх, цу халчу, карзахечу заманан хиламашна юккъехь сайн дакъа хиларх. Оцу хиламаша вайн халкъ ирсечу хиндолчуьнга дуьгура. Оцу хиламех волийла а, царна инкарло йойла а дацара. Тайп-тайпанчу даржашкахь (Президентан кхерамазаллин службехь шолгIачу полкан ротин командиран, Шелан районан ОВД-н хьаькаман даржашкахь) волчу хенахь со дика кхетара сайна тIехь долчу декхарех, со сайн хьокъала йоллу хазна юкъайилла хьожура Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан Администрацис а ирсехьа, токхонехьа дIаболийначу боккхачу боламна.

Сан философи янне а чолхе яц: Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочуш а деш сайн халкъ ирсе хилийтаран дуьхьа оьшуш мел дерг, вайн халкъан тхьамдас, Россин Турпалхочо, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана деш долу тIедахкарш Iаьвшшина кхочушдар. Рамзан а, цуьнан да Ахьмад-Хьаьжа а даима хила а хилла, ван а ву, хилла вуьсур а ву дахарехь со ир-кара хIоттон, суна ницкъ лун масал.

Вайн республикин пачхьалкхан Iедалан органаша пхийтта шарахь бина некъ ойланашкахь юха луьстучу хенахь кхета хьо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдархьама Кадыров Рамзана дан тарлуш дерг а, доцург а дина хиларх. Иштта хила веза бакъволу воI, къонаха.

«Нохчийн Республикин Администрацин 10 шо» журнал.

Зорбане кечйинарг – С.ДАДАЕВ

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: