Дала сий дойла! Дела реза хуьлда Хьуна, лараме Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Дала диканца дукха вахавойла Хьо вайн Нохчийн къомана а, Нохчийн маттана а, Нохчийн махкана а!
Тахана санна Нохчаллин сий дан шайн аьтто хиларе эзарнаш шерашкахь вайн дайша сатийсинчу, хийла уьш хьегначу дийне кхачийна Ахь вайн къам.
Дала сагӀадойла «Даймохк» газетан белхахошна а, суна а Ахь дина долу деза а, даккхий а совгӀаташ!
Вайн Ненан меттан сий, Нохчийн къоман иэсах айхьа деш долу дозалла бахьана долуш, хӀокху дуьненан массо а къаьмнашна масал хилла дӀахӀоттийна Ахь Нохчийн къам.
Хьан тешаме накъостий а долуш, Дала Цуьнан гӀазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжин беркатечу некъа тӀехь къахьегар дозалла ду тхуна.
Дела реза хуьлда Хьуна!
© «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар