Мехкарий а ларбан беза экстремизман Iаткъамах

vst-rch

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь цхьаьнакхетар хилира Iедалан векалийн а, Iеламнехан а, юкъараллин организацийн декъашхойн а. Цигахь дакъалецира хIинцца хьахийначу департаментан директора Дадаев Ризвана, «Зударий – кхиарехьа» организацин председатела Базаева Липхана, Нохчийчоьнан Куьйгалхо волчохь йолчу граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а Советан председатела Алиев Тимура, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Алихана, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон отделан хьаькама Индербиев Альберта, кегийрхойн а, коммерчески йоцчу а организацийн векалша.

Цигахь дийцаре дира зудаберашний, мехкаршний юкъахь радикализман а, экстремизман а ойланаш яржар цахилийтаран а, оцу зуламечу боламашна дуьхьал болх баран леррина тоба вовшахтохаран а хьокъехь долу гIуллакхаш. Кхузахь вовшахкхеттачаьрга салам-маршалла а хаьттина, шен къамелехь Дадаев Ризвана билгалдаьккхира республикехь радикализмана а, экстремизмана а, харц дин даржон гIертачу боламашна а дуьхьал болх дIахьош болу дуккха а хан хилар. Экстремизмана дуьхьал дIахьочу къийсаман коьртачу некъех цхьаъ бу цунна профилактика яран, кхеторан-довзийтаран болх. Иза къаьсттина мехала а, маьIне а бу кегийрхошца а, цу юкъахь мехкаршца а дIахьочу гIуллакхашкахь. Оцу гIуллакхийн тIаьхье дика хир яц экстремизм кхоллаяларан бух, орамаш хьаьккхина дIа ца даьхча.

Дадаев Ризвана дийцарехь, харц хьехамаш бечеран Iаткъамна кIел нисло мехкарий а. Цундела дерриге а дан деза уьш оцу Iаткъамах ларбархьама. Берриге а ницкъаш тIехьовсо беза мехкаршна бусалба цIена дин довзийтарна. «Хууш ма-хиллара, вайн юкъараллехь, цхьа а шеко йоцуш, доккха маьIна а леладо, йоккха меттиг дIа а лоцу зударша а, мехкарша а. Зуда – иза нана, йиша, йоI, хIусамнана ю. Даккхий декхарш ду царна тIедехкина – тIекхуьуш йолу къона тIаьхье, ийманехь, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк долуш кхиор. И сийлахь мехаллаш къоначаьргахь кхиорхьама уьш шаьш а хила беза ийманехь, гIиллакхе», – бохура Р.Дадаевс.

Цул тIаьхьа къамелаш диначара а дийцира экстремизман а, радикализман а хьунах мехкарий, зудабераш лардархьама дIадахьа дезачу гIуллакхех лаьцна. Оцу Iалашонца леррина тоба вовшахтоха езар къобалдира цара. Билгалйинчу тобано хаддаза болх бийр бу мехкаршца, уьш экстремизман Iаткъамна кIел баха ларбеш. Цуьнца цхьаьна телевиденехь тайп-тайпана ток-шоуш дIаяхьа езаш хилар билгалдаьккхира цара.

С.ХУСЕЙНОВ

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: