
Хууш ма-хиллара, Могашалла Ӏалашйаран декъан куратор а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс а йолчу Кадырова Хутмата дӀакхайкхийна йу гӀоьналлин «Башхачу берийн дуьне» акци.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан вице-президента Кадырова Меднис а дакъалаьцна оцу мехалчу, маьӀнечу акцехь.
Мархийн баттаца йоьзна а, берийн реабилитацина лерина а, республикин тӀегӀанехь дӀахьош а йу иза.
Цуьнан Ӏалашо — махкарчу берийн реабилитацин туьшашкарчу башхачу берашна йукъараллин тидам тӀебахийтар.
Акцехь дакъалаца луучеран аьтто бу оцу берийн хьашташца богӀуш болу гӀирсаш эца а, кхидолу церан гӀуллакхаш кхочушдан а.
Кадырова Хутмата йаздина куьг а долуш, баркаллин дипломаш ло акцин дакъалацархошна.
Тайп-тайпанчу министерствоша а, Ӏедалан хьукматаша а дакъалаьцна оцу акцехь.
ЗӀе: 8(938)009-00-09; хаамаш — @rehab_chr, @icfirm_95.