Дизайнан а, модин а, кхачанан индустрин а, сервисан а колледжехь — ненан маттана лерина цхьаьнакхетар

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийнчу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.

Царах ду муниципалитеташкахь а, тайп-тайпанчу хьукматашкахь а «Нохчийн мотт — къоман са» цхьаьнакхетарш дӀадахьар.

Дизайнан а, модин а, кхачанан индустрин а, сервисан а пачхьалкхан колледжехь дӀадаьхьна рогӀера цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалаьцна оцу колледжан куьйгалло а, студенташа а, иштта, «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа а.

Дийцаре дина нохчийн маттаца а, литературица а доьзнарг, ненан мотт Ӏаморехь, Ӏалашбарехь йукъаралло йоху гӀулчаш, йовзийтина къоман «Даймохк» газетан истори.

Айдамиров Абузаран а, Бадуев СаьӀидан а, Арсанукаев Шайхин а, Мамакаев Мохьмадан а, кхиболчу а йаздархойн хьокъехь къамел а хилла цхьаьнакхетаран дакъалацархойн.

Цул сов, студентийн хаттарш а ца дитина жоьпаш доцуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: