Зорбанан цӀийнехь дӀадаьхьна Машаран денна лерина цхьаьнакхетар

Соьлжа-ГӀаларчу Зорбанан цӀийнехь дӀадаьхьна Машаран денна лерина цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалаьцна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада, Ӏедалан а, муниципалитетийн а хьукматийн, йукъараллин организацийн векалша.

ХӀорашеран и дезде оханан беттан 16-чохь билгалдоккхуш ду.

Цуьнан хьокъехь дуьйцуш, Дудаев Ахьмада билгалдаьккхина и терахь нохчийн халкъана историн маьӀна долуш хилар.

«КТО-н раж дӀайаьккхича дуьйна, коьртехь Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а волуш, дийно-дийно кхуьуш бу вайн мохк, экономика, могашалла Ӏалашйар, культура, спорт, дешар«, — дийцина министра.

Цул сов, республика кхиарна йукъахь дакъалаьцна болчу Нохчийн Республикин бахархошна Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а совгӀаташ а дина Дудаев Ахьмада.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: