
Москварчу КӀайчу Ӏомана герггахь Сийлахьчу Къуръанан агӀонаш йагийнарг лоьхуш ву.
Кадыров Рамзана хаийтина иза лоьхуш ша а хилар, цуьнан лараш украинхойн питанчашка йоьлхуш хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.
«Москвахь маьждиг даран гӀуллакх дӀадерзарца цхьаьна и видео гучуйалар тамашийна хийтира суна. Йа бусалбанашна а, йа керстанашна а оьшуш питана дац иза. Къуръанаш дагор, карикатураш йахкар — малхбузерчу либералаш-питанчийн гӀирсаш бу«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Telegram чуьрчу шен каналехь.
Питанча лахарехь дакъалоцуш ФСБ-н а, Москван мэрин а, шен а говзанчаш хилар а билгалдаьккхина цо.
«Герггарчу хена чохь гучувер ву и питанча. Хьокъала доллу таӀзар а дийр ду цунна«, — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.
И гӀуллакх шен тергонехь хиларал сов, питанча караваллалц и болх дӀаберзор болуш цахилар а хаийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.