Машаран денца махкахой декъалбина Нохчийн Республикин Мехк-Дас

Тахана билгалдоккхуш хиллачу Машаран денца НР-н а, РФ-н а бахархой декъалбина Кадыров Рамзана.

«Терроризман уьнна тӀехь вай баьккхина йукъара толам бу иза! Стигал маьрша а, дахар ирсе а, ниӀмате а хуьлийла лаьа«, — йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Цул сов, тӀеман муьран къизаллаш йайначу бахархошна таханлера де деза а, маьӀне а хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

«КТО-н раж дӀайаьккхинчу муьрехь дуьйна кхиа доладелла дахаран тӀегӀа. КӀеззигчу хена чохь гӀаланаш а, йарташ а меттахӀиттийна, тойина инфраструктура, кхио йолийна экономика«, — билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.

КТО-н раж дӀайаккхар Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарца доьзна хилар дуьйцуш, Мехк-Дас хаийтина терроризмаца къийсам латтор цо дӀадолийна хилар.

«Нохчийн халкъан цхьаалла а, Ахьмад-Хьаьжин некъ а, РФ-н Президентан гӀо-накъосталла а бахьана долуш кхаьчна ду вай таханлерчу кхиамашка. Вайн республика кхиийтарна а, кхиоран а дуьхьа къахьоьгур ду вай кхидӀа а«, — олуш, дерзийна шен декъалдаран кост НР-н Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: