
ЗаьӀапчу берийн хьашташ кхочушдаран гӀуллакх Ӏедало шен лерринчу тергонехь латтош ду.
Стратегин дӀадолорийн агентствон директорца Чупшева Светланица шен хиллачу цхьаьнакхетарехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, и болх дӀабахьарехь махкарчу Ӏедало къахьегна ца Ӏа — жигаралла гойтуш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд а йу.
Цул сов, дӀахьош тайп-тайпана гӀоьналлин акцеш а йу, шайх тӀаьххьарниг «Башхачу берийн дуьне» а йолуш.
Оцу белхийн гурашкахь, лакхахь билгал ма-даккхара, заьӀапчу берийн хьашташ а кхочушдо, царна леринчу реабилитацин туьшашна медицинин гӀирсашца кхачо а йо.