Латталелорхочо къаьсттина чIогIа шега сатуьйсучарах цхьа мур бу тIекхаьчнарг. Иза ларамаза а дац. Цо гойту дийнна шарахь бохург санна лаьтта тIехь динчу гIуллакхийн жамI муха хир ду, ялтин хьекъар лакхадаккхарна тIехьажийна мел хIун дина бохург. Оцу ялтин дукхаллин барамца дустур ду дахаран хьал-де тодалар, шуьнехь токхо алсамъялар. Тахана латталелорхочун бIаьргашна хьалхахула чекхъевр ю дIабаханчу муьрехь евлла ледарлонаш, лаьтте буьззинчу барамехь беркат схьадалийтархьама даза дисинарг, хьесапе оьцур ю хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачийна гIулчаш.
Оццу хенахь цо доьзуьйтур ду карабеанчу муьрехь хIора сохьтах лаккхарчу эвсараллица пайдаэца, ялтин дараш цахилийтарехьа жигара къийсам баржо хIун таронаш ю. Аьлча а, Дала схьаделлачу беркатан хIора буьртиг бахаман хьаьтта дIакхачор хир ю коьрта Iалашо. ХIинццалц а санна, иза дан ницкъ кхочур болуш бу Нохчийчоьнан ялташлелорхой. Ткъа арахь бан беза белхаш хIумма а кIезиг бац. Цхьа бIе цхьайтта эзар гектарал сов йолчу майданашкара чуэца дезаш ду гурахь а, бIаьста а дIадийна хилла буьртиган ялташ, гурахь йийна хилла рапс.
ХIун гойту ялта чуэца долийначу хьалхарчу деноша? Уггаре а хьалха, цкъачунна долчу хьесапашца, цуьнан хьекъар, дIадаханчу шарца дуьстича, хаъал лакхара хирг хилар. Болх болийначу юьххьехь дуьйна цуьнан боларш лакхара хилар. Цунна тоьшалла деш бу бахамашкара кхаьчна хьалхара хаамаш а: хьалхарчу масех дийнахь латталелорхойн ницкъ кхечира цхьа эзар гектар гергга йолчу майданара кIа, кхойтта эзар гектарал сов йолчу майданашкара мукх чуэца. Ялташлелорхочун дагна хьаам бийр бу чуэцначу беркатан хьалхарчу гайтамаша а. 20 центнерал сов ду гектарана леринчу хьесапехь гулдина ялта.
Нагахь оцу белхан юьхь ледара хеташ долчу кхашна тIера дIайолош хилар хьесапе эцча кхеташ хуьлу и терахь тоъалчу барамехь лакхара хилар. Дустархьама билгалдоккхур вай дIадаханчу шарахь арахь белхаш дIаболийначу юьххьехь гектарана лерина кхойтта центнеран барамехь бен буьртиган ялта гулдеш хилла цахилар. ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича герггарчу хьесапехь кхо эзар тонна гергга алсам а ду бахамийн хьаьтта кхачийна ялта.
ХIора районехь, хIора бахамехь карор ду тахана оцу декъехь динчу гIуллакхийн тIаьхье беркате хирг хиларна тоьшалла деш долу бакъдерш. Масална схьалаца ТIехьа-Мартан район. ТIаьхьарчу пхийтта шарахь кенан буьртиган ялташ гулдарехь хьалхе шайгара дIа ца хецна тIехьамартанхоша. Мел чолхечу хьелашкахь а шаьш билгалдина хиллачу дозане кхаьчна. Цара алссам пайдаоьцу минеральни кхачанах, ялтин хьекъар лакхадаккхарна гIо ден долчу агротехникан тайп-тайпанчу кепех. ХIу дIадуьйчу хенахь дикаллина тIехь латто болийна таллам дIахьо тIаьххьарчу гектара тIера ялта хьаьтташка дIакхаччалц.
Цундела жамIаш даима лакхара хуьлу. Халхарчу гайтамаша чIагIдо, къастамалла йолуш хир дац хIара шо а. Кху шарахь 3245 гектар гергга йолчу майданахь кIа а, 300 гектар гергга мукх а кхиийна районан бахамашкахь. Хьалхарчу бIе гектара тIера чуэцначу ялто гайтира хIора гектара тIера 23 центнер кIа гулдеш хилар. Чаккхене дирзина мукх чуберзор. ХIора гектара тIера чуоьцу 23,4 центнер. Коьрта болх хIинца а хьалха лаьтташ белахь а, цигара латталелорхой тешна бу оцу гайтамел лахара доцуш буьртиган ялта гулдан шайн ницкъ кхочург хиларх.
ТIаьхьарчу шерашкахь буьртиган ялташ кхиорехь уггаре а тIаьхьабуьсучарах бара Теркан районера латталелорхой. Дукхах долчунна адамийн бехк болуш хIума а дацара. ГIуллакх доллура шен хеннахь латта кечдан техника цатоарх, дIадуьйчу хIуьнан дикалла дукха хьолахь Iаламат ледара хиларх. Амма цIеххьана иттех шарахь а хилла боцчу гайтамашка кхочу уьш хIокху аьхка. Цуьнан къайле йовзуьйту говзанчаша: орамашкара хийцаделла бахамашкара хьал. ДIаяханчу гурахь тоьллачу хенашкахь хIу дIаден ницкъ кхечира. Цу тIехь Iаламат мехалниг дара дIадуьйш дерг вешан республикехь кхиийна хIу хилар. Цо таро хилийтинера дикалла муха ю а ца хууш долу хIу арахьара оьцучуьра сацо. Цул сов, говзанчаша чIагIдарехь, агротехника буьззинчу барамехь ларйича гектара тIера 40 центнерал алсам ялта гулдан аьтто беш ду вайн хIу.
Оцу дерригено а къастамаллин маьIна лелийра теркахойн балха тIехь. 4958 гектаре дIа а кхачош, мелла а алсам яра гуьйренан ялташна къастийна майданаш. Тароне хьаьжжина пайдаийцира минеральни удобренех. Аьлча а, латталелорхоша дерриге а дира тIаьхьарчу шерашкахь хуьлуш хилла тIаьхьадисар дIадаккхарна тIехьажийна. Цуьнга хьаьжжина гайтамаш а бу. Хьалхарчу иттаннаш гектараш тIера чудерзийна кIен гайтамаша гойтура теркахой шайн Iалашоне кхача герга хилар: хора гектара тIера чуоьцу 23,5 центнер ялта. 685 гектарах 669 гектара тIера чуэцна мукх а, хIора гектара тIера гулбина 21,2 центнер.
ДоггIучуьра, мукх гулбарехь республикехь уггаре а лакхара гайтамаш хиларе кхаьчна Курчалойн район а, «Стандарт С» юкъаралла а. Гектарана леринчу хьесапехь хьалхарчохь юкъара гайтам 25,1 центнер, ткъа шолгIачохь – 44,1 центнер.
Бакъе ма-хиллара, хьалхарчу шерашкахь а санна, республикехь кенан буьртиган ялтин юкъара барам алсамбаккхарна юкъа алссам хазна юьллу Соьлжан, Шелан, йокъана хIуттучу зонехь йолчу Невран, Шелковски районашкарчу латталелорхоша. Хьалхарчу шинхьа цкъачунна 20 центнерал дикка лакхара бу гектарана леринчу хьесапехь гулдеш долчу ялтин барам, ткъа Теркаца йолчу районашкахь – 20 центнере кхочуш.
Гуьйренан ялташ чудерзо долийначу хьалхарчу кIиранчохь пхийтта эзар гектар гергга йолчу майданашкахь чекхбаьккхина и болх. Бахамийн хьаьтташка дIакхачийна ткъеитт эзар тонна гергга буьртиган ялташ. Цкъачунна республикин агропромышленни комплексехь хIора гектара тIера 20,3 центнер беркат чуоьцу латталелорхоша, дIадаханчу шарахьчул пхи центнер гергга алсам.
Дала тIаьхье беркате йойла шун, латталелорхой!
Л.АБУБАКАРОВ
№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо