Юха а – изза сурт

1364702953_zenitПремьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 15-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шайн цIахь «Ахмат-арена» стадионехь цхьаьнакхийтира Самарерчу «Крылья Советов» командица.

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, З.Уциев, И.Темников, А.Феррейра, А.Радьков, Ж.Маурисио (Ж.Бокила, 65), В.Адилсон, И.Лебеденко, З.Садаев (И.Айссати, 45), О.Иванов, Ф.Пириз (А.Аилтон, 45).

Хьеший: Я.Муха, Б.Форбс, И.Цаллагов, Ж.Надсон, А.Амисулашвили, Р.Горо, Р.Аджинджал (Е.Баляйкин, 86), И.Семшов (А.Елисеев, 45), С.Корниленко (Л.Кабальеро, 74), С.Драгун, И.Таранов.

Нохчийн болельщикаша дIаваккхаре дукха сатийсина волу Красножан Юрий дIаваханчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» тIехь Iуналла деш Талгаев Ваид ву, керла коьрта тренер караваллалц. Билгалдаккха догIу, Россин Кубок къовсуш 1/16 финалехь шен дуьххьарчу матчехь Талгаевн командо толам баьккхира Нижнекамскерчу «Нефтехимикна» тIехь.

Футболехь хийла нислуш ду коьрта тренер хийца ма веллинехь команда дика ловза йолалуш. Шайн коьртехь ч1аг1вина коьрта тренер вацахь а шен хьалхарчу ловзарехь В.Талгаев маь1нечу кхиаме кхачар бахьана долуш, болельщикаш тешна бара Самарерчу «Крылья Советовца» соьлжагIалахой тIах-аьлла ловзург хиларх. Цул сов, Соьлжа-ГIалара «Терек» цIахь даима а бохург санна дика ловзура Самарерчу футболисташна дуьхьал.

Цхьаьнакхетар доладелча, шаьш майдан дай хиларе терра, гIолехь ловзуш бара нохчийн футболисташ. Амма бакъду, гол тоххал кхераме тIелатар цхьаъ бен дацара. Амма голе дерза рицкъа ца хилира оцу т1елатаран а – Маурисио Жозес нуьцкъала тоьхна буьрка хьешийн вратаро Муха Яна, халла лаьццехь а, схьалецира. Ткъа цул т1аьхьа кхин а «хаза» дара – майданахь хилар бен кхин   билгалбовлуш боцуш ловзуш хилла болчу хьешаша счет схьайиллира. Горо Режинала шега елла буьрка дукха атта чу туьйхира Белоруссерчу тIелатархочо Корниленко Сергейс. Серлонан табло тIехь догуш 0:1 долуш, садаIа яхара командаш. ШолгIачу таймехь а соьлжагIалахой гIолехь бара, бакъду, счет метта ца хIотталора. Цхьана вайн защитникан Темников Игоран таро яра шозза гол тохарца билгалвала, амма иза шен Iалашоне ца кхачавелира.

Иштта чемпионатан йохала дуьххьара гуш доцу сурт дар-кха цу дийнахь гинарг а. Хийцам болуш хIумма а дац. Болельщикийн дог дохар-м дара х1инццалц а санна…

16-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхетар ю Москварчу ЦСКА командица.

Довзуьйту кхечу командийн жамIаш: «Анжи» (Махачкала) – «Урал» (Екатеринбург) – 0:1; «Спартак» (Москва) – «Локомотив» (Москва) – 1:3; «Зенит» (Санкт-Петербург) – «Амкар» (Пермь) – 1:1; «Ростов (Дона-тIера-Ростов) – «Рубин» (Казань) – 0:0; «Краснодар» (Краснодар) – «Кубань» (Краснодар) – 1:2; «Динамо» (Москва) – «Томь» (Томск) – 1:0; «Волга» (Нижни Новгород) – ЦСКА (Москва) – 1:2.

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: