2024-чу шарахь тойийр йолу майданаш къасто йиш йу бахархойн

ТӀедогӀучу 2024-чу шарахь тойийр йолу майданаш къасторан онлайн-кхажтасарехь дакъалаца йиш йу республикин бахархойн.

Иза дӀахьош ду za.gorodsreda.ru платформи тӀехь, 14 шарера мел ваьлларг дакъалаца йиш йолуш а волуш.

ХӀутосург бутт чекхбаллалц лаьттар долуш ду и кхажтажар.

Вайн республикин бахархойн кхиэле йиллина йу тайп-тайпанчу муниципалитеташкара 35 йукъараллин майда.

ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос бина оцу хьокъехь хаам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: