5 шарна долчу дозадехьарчу паспортаца ХьаьжцӀа баха йиш йу НР-н бахархойн

Карарчу шарахь ХьаьжцӀа баха Ӏалашо йолчу Нохчийчоьнан бахархойн 5 шарна лерина долчу Россин дозадехьарчу паспортаца а дан аьтто бу иза.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Бусалбанийн динан урхалло.

Цу тӀехь билгал ма-даккхара, ХьаьжцӀа боьлхучу Нохчийчоьнан бахархошкахь Россин чоьхьара а, дозадехьара а паспорташ хила дезаш ду.

Россин Федерацехь йолчу СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан векалалло, ХьаьжцӀа боьлхучу россихошна виза йоккхуш, керлачу кепийн Россин дозадехьара паспорташ доьхуш дара хӀинццалц.

Ткъа хӀинца, бахархой ХьаьжцӀа бахийтаран декъехь белхаш бечу компанийн кхайкхамашца а догӀуш, саӀудийн Ӏедало и тӀедожор карарчу шарна дӀадаьккхина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: