
ТӀедогӀучу 2024-чу шарахь тойийр йолу майданаш къасторан онлайн-кхажтасарехь дакъалаца йиш йу республикин бахархойн.
Иза дӀахьош ду za.gorodsreda.ru (https://20.gorodsreda.ru/?utm_source=cur20&utm_medium=gpub) платформи тӀехь, 14 шарера мел ваьлларг дакъалаца йиш йолуш а волуш.
ХӀутосург бутт чекхбаллалц лаьттар долуш ду и кхажтажар.
Вайн республикин бахархойн кхиэле йиллина 38 йукъараллин майда.
7 муниципалитетехь йу уьш: 1) Соьлжа-ГӀалахь, 2) Устрада-ГӀалахь, 3) Гуьмсан кӀоштахь, 4) Курчалойн кӀоштахь, 5) Шелан кӀоштахь, 6) Хьалха-Мартан кӀоштахь, 7) ТӀехьа-Мартан кӀоштахь.
ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос бина оцу хьокъехь хаам.