«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман 1-чу муьрах 100 стаг чекхваьлла

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийна а йолуш, Нохчийн меттан институто дӀахьочу «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман 1-чу муьрах 100 дакъалацархо чекхваьлла.

Церан цӀераш герггарчу хена чохь йовзуьйтург хилар хаийтина Институтан векалша.

Иштта, цара билгал ма-даккхара, 1-чу муьрехь (муниципалитетийн мур) дакъалоцуш 1 эзар гергга дакъалацархо вара.

Оцу къовсаман совгӀаталлин фонд 8 млн ₽ хиларна тӀе тидам бахийта богӀу:
5 млн ₽ — 1-ра меттиг йаккхарна;
2 млн ₽ — 2-гӀа меттиг йаккхарна;
1 млн ₽ — 3-гӀа меттиг йаккхарна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: