
Таханлерчу Мархадастаран денца Россера бусалбанаш декъалбина Путин Владимира.
«Шу дерриш а декъалдо ас Мархадастаран денца! Мархийн бутт чекхбаларца доьзна а долуш, дуьненахь мел болчу бусалбанаша чӀогӀа лоруш дезде ду иза«, — билгалдаьккхина Россин Федерацин Президента.
Иштта, Россерчу бусалбанийн хьокъехь дуьйцуш, историн а, динан а, культурин а ламасташ цара лардеш а, тӀекхуьучу чкъурана уьш марздеш а хиларна тӀе тидам бахийтина цо.
Цул сов, Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь жигаралла а гойтуш, бусалбанаш-бӀаьхой Даймехкан гӀаролехь лаьтташ хилар къаьсттина билгалдаьккхина цо.