
ТӀекхочуш долчу Мархадастаран денца а догӀуш, хӀусамашца хьашто йолчу 6 доьзална керла хӀусамаш йелла Устрада-ГӀалахь.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дӀабаьхьна уьш йаран белхаш.
Оцу хьокъехь хаам бина республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, хӀусамашкахь кхоьллина ду мел оьшуш долу хьелаш.
Керлачу хӀусамийн догӀанаш а, кехаташ а бахархошна дӀадаларан гӀуллакх дӀадаьхьна Устрада-ГӀалин округан мэра Масаев Илеса.