ХӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигарехь тоьллачарах йу НР

Бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран программа кхочушйаран лидершлахь йу Нохчийчоь.

Оцу хьокъехь хаам бина республикин Премьер-министра Хучиев Муслима.

Цо билгалдаккхарехь, вайн мехкан кхиамаш Россин Федерацин Президента Путин Владимира дӀайаьхьначу кхеташонехь федерацин вице-премьера Новак Александра а бовзийтина.

Ткъа кхиамаш болуш бу — 2022-чу шеран план кхочушйарал сов, маьхза газ йигаран болх кхин а 14% алсам бина Нохчийчохь.

Цуьнца а догӀуш, даханчу шарахь газан сеташна тӀетеснарг 5,3 эзар хӀусам йу.

Цул сов, карарчу шарахь, 2,8 эзар хӀусаман дозане маьхза газ йигаран план а йолуш, 1 эзар сов хӀусамехь и болх дӀаберзийна говзанчаша хӀинцале а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: