
Кадыров Хьамзатах керла дарж тешийна — Нохчийн Республикин Мехк-Ден нуьцкъаллин декъехула волу хьехамча-гӀоьнча ву иза хӀинца дуьйна.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана тахана Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
«Структурийн вовшашца йолу йукъаметтигаш каде кхочушйаран Ӏалашонашца иза ларор ву аьлла, тешна ву со«, — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.