
ТӀеман лерринчу операцин хьалхарчу деношкахь дуьйна гӀоьнан жигаралла гойтуш йу Нохчийчоь.
Бакъонаш ларйаран а, кадечу Ӏалашонийн а структурийн векалшца ша дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойн ницкъийн хьашташна эцнарг 700 транспорт йу.
Цул сов, керлачу герзашца а, кхузаманахьлерчу технологешца а латтош кхачо а йу царна.
Къаьсттина тидам тӀебахийта богӀуш бу Россин спецназан университетан болх а.
Цигахь тӀеман хаарш делла ца Ӏа бӀаьхошна а, шайн лаамехь операцехь дакъалаца боьлхучарна а — квадрокоптерш лелоран биста кхаччалц Ӏамабо уьш.