Кадыров Рамзана дакъалаьцна Нохчийн меттан денна леринчу даздаран цхьаьнакхетарехь

Нохчийн меттан денна лерина даздаран цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀалахь.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а дакъалецира цигахь.

Шен къамелехь Мехк-Дас билгалдаьккхира муьлххачу а къоман башхаллин билгало мотт хилар.

Иштта, карара шо Нохчийн меттан шо хиларан хьокъехь дуьйцуш, мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а декъехь Ӏедало а, говзанчаша а беш дуккха а белхаш хиларна тӀе тидам бахийтира цо.

«Мотт дӀабаьлча дӀадевр ду вай къам долчера а. Ткъа иза хилийта вайн йиш йац. Вайх и мотт тешийначарна хьалха вайн декхар ду иза«, — дийцира Кадыров Рамзана.

Даздаран цхьаьнакхетар театран «Йеха буьйсанаш» гайтамца дӀадирзира.

Нохчийн цӀейахханчу йаздархочун, поэтан, зорбанчин Айдамиров Абузаран дахарна а, белхашна а лерина гайтам бара иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: