
Ламасте дирзина ма-хиллара, хӀорашеран дезде ду тахана вайн махкахь билгалдоккхуш — Нохчийн меттан де.
Кадыров Рамзана, цуьнца доьзначу шен декъалдарехь, къоман коьртачу дезденойх цхьаъ иза хиларна тӀе тидам бахийтина.
Цул сов, нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар Конституцехь чӀагӀдаран хьокъехь дуьйцуш, вайн халкъан исторехь иза хӀинццалц хилла а доцу беркат хилар а хаийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
«Мах банне а боцу хазна йу нохчийн мотт. Вайн халкъан кхане а цуьнца йоьзна йу«, — йаздина цо.
Иштта, мотт а, матте болу безам а ларбеш волу хӀора а нохчи декъала а вина Кадыров Рамзана таханлерчу денца.
«Ненан мотт а ца хууш боьзийла дац Даймохк а, халкъ а. Вайн сийлахь декхар ду мотт Ӏалашбар«, — тӀетоьхна цо.