
Кадыров Рамзанан а, Россин Федерацин Кхерамзаллин Кхеташонан Секретаран Патрушев Николайн а цхьаьнакхетар хилла.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Иштта, белхан доккха зеделларг долчу цуьнца хуьлучу цхьаьнакхетарех шена маьӀна хуьлуш хилар а хаийтина Кадыров Рамзана.
Цул сов, хӀетахь, Нохчийн Республикехь тӀеман хиламаш совцаран Ӏалашонца а догӀуш, Патрушев Николайс дуккха а къахьегна хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.