Республикин прокуратурехь

Предпринимателийн бакъонаш ларйо

 

Гуьмсан районехь шайн гIуллакх долош болчу предпринимателийн, юридически адамийн бакъонаш ларъярехь законо беш болу лехамаш кхочушбар муха ду толлуш меттигерчу прокуратурина гучуделира районан администрацин экономика кхиоран, махлелоран отделан говзанчас Шаипов Алихана, федеральни законан лехамаш талха а беш, гIуллакх долийначо махлелоран декъехь деш долчу гIуллакхашна хIокху шарна билгалбина боцу таллам бина хилар.

Цунна тIе а доьгIна, административни талхораш даран хьокъехь гIуллакх долийра районан прокурора Адаев Арсана. Районан администрацина тIедиллина билгалдаьхна кхачамбацарш дIадахар.

 

Нийсо меттахIоттийна

 

ГIалин бахархоша цхьаьний яздина долу арз къастийра Ленински районан прокуратуро. Таллам бечу хенахь гучуделира Соьлжа-ГIалин Трудовая урамехь дукха гIаьтнаш долчу цIенош чохь монтажни белхаш дIахьочу хенахь кху шеран I8-чу майхь дуьйна 18-гIа июнь кхаччалц болчу муьрехь довхачу хица кхачояр сацийна хилла хилар. Беш болу белхаш аварийни ларалуш ца хиллехь а,  цул совнаха коммунальни хьашташ кхочушдаран нормативашца догIуш а доццушехь.

И дерриге хьесапе а эцна, Соьлжа-ГIалин «Теплоснабжение» МУП-н директорна Алдибиров Майрбекана дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра. Оццу хенахь цунна тIедиллина довхачу хица кхачояран декъехь законан талхораш, уьш кхолладаларан бахьанаш дIадаха а, довха хи ца луш дIаяьллачу ханна догIуш доцу ахча юхадала а.

Ведомствон сайт тIера хаам кечбинарг – Л.БАКАРОВ

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: