«АХМАТ-1» ОМОН-н бӀаьхойн рогӀера тоба дӀайахана СВО-хь дакъалаца

Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин «АХМАТ-1» ОМОН-н бӀаьхойн рогӀера тоба дӀайахана ТӀеман леррина операци дӀайахьаран меттигашка.

Цигахь болчу шайн белхан накъосташца хийцалур бу уьш.

Оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, шайх тешийна каде декхарш кхиамца кхочушдан оьшуш мел болу гӀирс а, герз а, техника а нохчийн бӀаьхошкахь йолуш йу.

«Нохчийн бакъонашларйархойн структурашкахь дуккха а дика бӀаьхой бу — эвсаре а, тӀом бан хууш а, тӀом бан лууш а болуш. Шайх тешийна декхарш кхочушдарехь вайн кӀентийн аьтто хуьлийла лаьа суна«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

БӀаьхой новкъабахарехь дакъалаьцна Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: