Сбербанкан «Хиндолчуьнга диллар» гӀоьналлин фондо а, автономни комерцин йоцчу «Терахьийн экономика» организацис а, Россин серлонан а, Терахьийн кхиаран а, зӀенан а, шуьйрачу коммуникацийн а министерствийн гӀоьнца дӀаболийна тӀерахьийн грамотин а, киберкхерамзаллин а Йерригроссин серлонан «Терахьийн ликбез» проектан керла мур.

ХӀокху деношкахь Хь.И.Ибрагимовн цӀарахчу математикин школехь дӀадаьхира «Кхерамза интернет лелор» темина лерина тӀерахьийн грамотин а, киберкхерамзаллин а схьадиллина дарс.
Цигахь дакъалецира цу школин 8-чу классан дешархоша. Цара хазахетарца тӀеийцира дарсехь хьоьхург. Къаьсттина самукъане а, пайде а, схьалаца атта а хийтира царна мультфильмийн роликашца Ӏамош дерг гойтуш хилар.
«ИТ-декъан кадрин тIаьхьалонаш кхиор» а, «Хаамийн
кхерамзалла» а, федеральни а, иштта, «Россин Федерацин терахьийн экономика»
къоман проектийн гӀолацархьама кхочушйеш йу проект.
Карарчу дешаран шарахь оцу проектан 3-гӀа мур бу иза. ХӀокху муьрехь оцу проектан накъост хилира Сбербанкан
«Хиндолчуьнга диллар» гӀоьналлин фонд.
Цуьнан эксперташа мультфильмийн кепехь материалаш кечйина «Терахьийн баланс» а, «Авторан бакъо» а, «Терахьийн этикет» а, «Эцархойн бакъо» а, «Электронни ахча» а теманашна лерина.
Оцу роликаша аьтто бо Ӏемачеран терахьийн а, финансийн а хаарийн тӀегӀа лакхадаккха, киберкхерамзаллах а, интернетан сеташкахь леларан бакъонех а, иштта, кхерамза интернет лелоран бакъонийн кепех а лаьцна дерг довза.
«Керлачу 5 ролико берашна довзьйту авторийн бакъонех а, электронни ахчанех а, интернетан этикетах а, баккъалчу а, терахьийн а дахарийн балансах а лаьцна дерг. И материалаш лело йиш йу берийн дай-нанойн, иштта, хьехархойн а аьтто бу уьш дешаран процессан йукъайало», – элира Россин терахьийн кхиараан а, зӀенан а, шуьйрачу коммуникацийн а министерствон терахьийн а, дешаран а говзалла лакхайаккхаран департаментан директора Трубникова Татьянас.
Сбербанкан «Хиндолчуьнга диллар» гӀоьналлин фондан видеороликаша тӀейузур йу «Терахьийн ликбезан» сайта тӀера пайде материалаш а, иштта, проетан кхечу накъосташа Ӏамочу материалашна а пайде тӀедузар а хир ду царах. И йерриге а материалаш Россин серлонан министерствос къобалйина.
«Оха хазахетарца дакъалоцу Россин дешархошна мехала йолчу хӀокху йоккхачу «Терахьийн ликбез» серлонан проектехь, иштта, терахьийн а, финансийн а говзаллин талламашца а, XXӀ-чу бӀешарарчу хааршца а доьзна тхайна зеделларг а довзуьйту оха хазахетарца. Керла хаарш Ӏаморан а, тӀедузаран а болх самукъане бархьама кхузаманахьлерчу интерактиван контент кхолларе кхийдаш ду тхо», – элира «Хиндолчуьнга диллар» фондан кхочушдаран директора Паложивец Петара.
20223-чу шарахь дӀайолийнчу «Терахьийн ликбез»
проектана хӀинцале а тӀетайна мехкан 89
регион. 1–11-чуй классашкарчу дешархошца дӀахьош ду кхерамза интернет лелоран
а, терахьийн хаарш кхиоран а дарсаш.
Видеоматериалаш пайде хир йу хьехархошна а, «Терахьийн ликбезан» мультфильмаш
атта йерзалур йу школехь хьоьхуш долчу ОБЖ-н а,
информатикин а дарсашка. Цул сов, берийн дай-наной гуламашкахь а гойтуш
лело йиш йолуш йу уьш.
«ТӀехь интернет йолу мобильни телефонаш йа планшеташ йолуш ду Россера 90% бераш. Царна, вайн баккхийчарна санна, дийно-дийно гуш бу пайде а, зуламе а болу дуккха а хаамаш. Арахьарчу киберкхерамах бераш лардар тхайн декхар хетта тхуна. Электронни ахча лелоран бакъонех а, терахьйин этикетах а лаьцна дерг довзуьйтур ду оха «Терахьийн ликбезанан» керлачу муьрехь. И хаарш дахарехь оьшург хиларх тешна ву со», – билгалдаьккхира «Терахьийн экономика» организацин коьртачу директора Плуготаренко Сергейс.
МАДАЕВ Анзор