Йукъараллин меттехь эккхаш йолу хIума карийча дан дезарг…

Йукъараллехь кхерамзалла хилийтаран Iалашонца Нохчийн Республикин Кхерамзаллин кхеташоно дагадоуьйту лелхаш йолу хIуманаш, лелхаш болу гIирсаш, шеко йолу хIуманаш хаайелла хьал хилча муха а, хIун а дан деза.

Полицис цхьамогIа иэсалгаш (памятка) кечйина гражданийн кхерамзаллин тIегIа лакхадаккхарна, Iаморна.

Царах цхьаъ лерина йу шеко йолчу хIуманашна йа лелхаш йолчу хIуманашна дан дезачунна.

Делахь-хIета, Iаламат чIогIа мехала ду цIеххьана хIоьттинчу чолхечу хьолехь дан дезачунна хIора а кийчахилар.

Лелхаш йолу хIуманаш йа лелхаш йолчу хIуманех тера йолу шеконе хIуманаш (дипломаташ, тIоьрмигаш, беттанаш, ларчаш) карийча, эккхийтар цахилийтаран Iалашонца хIара бакъонаш йовза а, ларйан а йеза:
– доьхкуш ду шеко йолчу хIуманах куьг Iоттар, дIасайаккхар, цунна тIе латта, гIум йа кхин хIума тасар;
– доьхкуш ду ишттачу хIуманна йуххехь электро-радиоаппаратурех пайдаэцар;
– доьхкуш ду лелхаш йолчу хIуманашна йовхонан, аьзнийн, механикин, электромагнитан тIеIаткъам бар.

Нагахь шеко йолу цхьа хIума карийнехь, маггане а мегар дац эккхарна кхераме йолу кхин хIуманаш лехар.

Шеко йолу хIуманаш хаайелча (карийча), хIара тайпа гIуллакхаш дан деза:
1) Нагахь санна карийна йолу хIума, хетарехь, «оцу меттехь а, оцу хенахь а» цигахь хила йезаш йацахь, и хIума тидамза ма дита.
2) Нагахь санна йукъараллин транспорта чохь йицйина йа да воцу хIума хаайеллехь, хьайна йуххехь волчуьнга хатта цунах дерг. Иза хьенан йу, хьан йитина хила тарло хьажа гIорта.
3) Нагахь санна шеко йолу хIума шайн цIийнан неIарехь карийнехь, адамашка хатта, иза церан хила тарло.
4) Нагахь санна и йолуш верг ца хилахь, сихонца оцу карийнчу хIуманан хьокъехь хаам бе уггаре а гергахь йолчу полицин подразделенига.
5) Нагахь санна шеко йолу хIума учрежденехь карийнехь, сихонца карийнчу хIуманан хьокъехь хаам бе администрацига.

Дагардинчу дерриге а хьелашкахь:
– карийначу хIуманах куьг а ма тоха, иза схьа а ма йаста, дIаса а ма хилайе;
– хIума карийна хан дагахь латтайе;
– кхерамечу хIуманна адамаш мелла а гена даха хьажа;
– полици тIекхаччалц собардар тIехь ду;
– хьуо уггаре а мехала теш хилар диц ма де.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: