Даима а тоьллачу меттигех цхьаъ дIалоцу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь кест-кеста кечъеш йолчу рейтингашкахь. ХIинца а, «Медиалогия» компанис кечйинчу рейтингаца нийса а догIуш, Россехь уггаре а шуьйра вевзаш волчу итт стагана юкъавахана иза кху шеран хьалхарчу эхашарахь.
Р.Кадыровл совнаха, оцу иттанна юкъахь ву В.Путин, Д.Медведев, Б.Немцов, С.Лавров, Д.Песков, С.Собянин, Московски а, Ерриге а Россин а патриарх Кирилл, А.Улюкаев.
Рейтинган бухе бехкина шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь хилла хаамаш. Иза хIоттийна, шена юкъадогIуш алсамха Iаткъам болуш долчу 25400 хьостанна тIе а тийжаш: ТВ, радио, газеташ, журналаш, хаамийн агентствош, Интернет-СМИ.
Цул совнаха, 2015-чу шеран июнехь Россин регионийн тоьллачу 100 политикна юкъа а вахана Кадыров Рамзан. Рейтинган хаддаза волу лидер хилла вуьсуш ву В.Путин. Оцу спискана юкъахь иштта Москван мэр Собянин Сергей а, Московски областан губернатор Воробьев Андрей а ву.
Бинчу талламехь билгалдоккхуш ду рейтингехь Р.Кадыровна 55-гIа меттиг кхаьчна хилар.
«Россин алсамха Iаткъам болу 100 политик» аьлла йолу рейтинг дIаяьхьна къайлаха анкеташ а хIиттош. Эксперташна юкъавоьду 26 политолог, политтехнолог, политикин партийн векалш. Динчу хаттарийн жамIашкахула кхаа декъе боькъу рейтингана юкъабахнарш: «уггаре а чIогIа Iаткъам берш» (1–20), «чIогIа Iаткъам берш» (21–50), «юккъерчу барамехь Iаткъам берш» (51–100).
Пайдаэцна электронни гIирсийн хаамех
№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо