
НР-н Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшо Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон белхахошлахь дӀабаьхьначу нохчийн маттахь диктант нийсайазйаран къовсамехь 1-ра меттиг йаьккхина «Даймохк» газетан белхахочо Хасаханов Ислама.
Иштта, 2-гӀа меттиг А-Хь.Кадыровн цӀарахчу «Путь» ТРК-н белхахочо Атамаева Заремас йаьккхина, ткъа 3-гӀа меттиг — «Зорбатохаран цӀа» хьукматан белхахочо Умарова Асета.
Къовсаман жамӀаш даран болх дӀабаьхьна тахана къоман газетан редакцехь.
Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон хаамийн а, зорбанан а департаментан директора Л.Музуровс, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Б.Шамсудиновс, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Хь.Юнусовс.
Мехалчу совгӀаташца билгалбахарал сов, нохчийн маттаца уьй-марзо латторна, къовсаман толамхошна баркалла а элира цара.