
Иччархойн «РУС BESPOKE Gun» топ теллина Кадыров Рамзана.
Гуьмсерчу Россин спецназан университето а, BespokeGun компанис а йина топ йу иза.
Цул сов, иза арахоьцуш а хир йу церан йукъарчу билгалонца.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, оцу тоьпан тохаран эвсаре йохалла 1,6 км йу.
Иштта, шеца РУС-н куьйгалхо Вайханов Байбетар а волуш, иччархойн тохарийн Raptor.338 комплексийн гайтамехь а хилла Кадыров Рамзан.