Ӏазапехь а, баланехь а долу халкъаш паргӀатдахаран эскар кхолла ойланаш йу Мехк-Ден

Демократин пачхьалкхаш йу шаьш бохучу мехкаша Ӏазапехь, таӀзарехь латтош долу халкъаш паргӀатдахаран эскар кхолларан ойланаш а, лаам а бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан.

Оцу хьокъехь хаам бина цо ша Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь а волуш.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, дикка кечдина эскар ду цунна дезарг, шен могӀарехь дерриге а дуьненара нах а болуш.

«Шайн синош а, догӀмаш а къепе, нийсо къийсаран дуьхьа дӀадала кийча хила безаш бу уьш. Соьмана дуьхьа бала кийча болу нах ца беза«, — хаийтина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: