
Д.Багаевн цӀарахчу спортан комплексехь (Обарг-Йурт, ГӀалгӀайчоь) дӀайаьхьна Къилбаседе-Кавказан ФО-н шахматашкахула йолу турнир.
Ша и турнир Округан тӀегӀанера хиллехь а, ГӀалмакхойчоьнан тоба а йара цигахь дакъалоцуш.
Репрессеш йинчу халкъашна реабилитаци йаран хьокъехьлера Закон тӀеэцна рогӀера шо кхачарна лерина а йара иза.
Турниран жамӀаш иштта нисделла: 1) Нохчийн Республика; 2) Ставрополан мохк; 3) Кхарачойн-Чергазийчоь.
Иштта, кхидӀа йолчу меттигийн жамӀаш а довзийтина вовшахтохархоша: 4-гӀа меттиг — ГӀебартойн-Балкхаройчоь, 5-гӀа меттиг — Дагестан, 6-гӀа меттиг — Къилбаседе ХӀирийчоь, 7-гӀа меттиг — ГӀалгӀайчоь, 8-гӀа меттиг — ГӀалмакхойчоь.