4 муниципалитетерчу 140 доьзална керлачу хӀусамашца кхачойийр йу

Карарчу шарахь а жигара дӀахьур болуш бу токхамех баланаш хьоьгучу бахархошна керлачу хӀусамашца кхачойаран болх.

Оцу хьокъехь хаам бина вайн мехкан ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.

Билгалдаьккхина ма-хиллара, карарчу 2023-чу шарахь керла а, кхерамза а хӀусамаш кхочур йу 140 доьзална (979 стагана).

Нажи-Йуьртан а, Курчалойн а, Гуьмсан а, Теркан а кӀоштийн бахархой бу уьш.

Царна лур йолу хӀусамаш 2 декъе йекъалуш хиларна тӀе тидам бахийта богӀу: 1) цӀенош; 2) петарш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: