Цхьа-ши дош…

Синайхь теракт йина. Оцу бохамехь 50 гергга стаг кхелхина. Теракт яр бахьанехь Израило цкъачунна сацийна Мисаран дозанехь йолчу КПП-хула адамаш дехьа-сехьа довлийтар.

                                          ***

Филиппинехь пассажирийн боккха бурам хи чу бахана. Цу тIехь хиллачу ши бIе гергга стагах 36 кхелхина, 21 стагах хилларг хууш дац. Бохам хилла йоккха тулгIе кхетта бурам харца а хаьрцина.

                                          ***

Мали пачхьалкхан къилбаседехь террористаша герзаш диттина ООН-н маслаIатан эскарийн машенашна. Царна тIехь хиллачу бIаьхойх пхиъ кхелхина.

                                          ***

Пакистанехь цIерпошт хаьрцина. Оцу некъан бохамехь 19 стаг кхелхина, лазийнарш кхин а дукха бу.

                                          ***

«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша Нигерин къилбаседа-малхбалехь бIе гергга стаг вийна. Уьш берриге а маьрша нах бу.

                                          ***

Желтойчоьно билгалйинчу хенахь (30-гIа июнь) дIа ца делла дуьненаюкъарчу валютийн фондан кредит. Цуьнца доьзна Еврокомиссис сацийна оцу пачхьалкхан куьйгалхошца дийцарш дар. Референдуман жамIашка хьаьжжина хир ду Еврокомиссис кхидIа ден долу гIуллакхаш.

                                          ***

Украинан Iедалан эскарша 2-чу июлехь 54-зза йохийра герзаш деттар сацоран хьокъехь йолу раж.

                                          ***

Украинерчу тIамах бевдда баьхкинчарна Россин Правительствос 1,5 миллиард сом ахча къастийна.

                                          ***

«Мистралан» хьокъехь долу Францин а, Россин а дийцарш герггарчу деношкахь чекхдевр ду. Дийцарийн жамIаш муха хир ду цкъачунна хууш дац.

                                          ***

Россис июнь баттахь Германина газ дIаяхьийтар 20,2 процентана лакхадаьлла.

                                          ***

Вайн махкахь кху шеран январь-июнь беттанашкахь мехкадаьтта даккхар (стохкалерчуьнца дуьстича) 1,1 процентана алсамдаьлла.

                                          ***

ДIабаьллачу баттахь АвтоВАЗ-н машенаш йохкар 15,3 процентана алсамдаьлла.

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: