
ХӀорашеран «ЧеченСтройЭкспо» гайтам карарчу беттан 24-25-чуй деношкахь дӀахьур бу.
Нохчийн Республикин гӀишлошйаран комплексана йукъа инвестицеш йалор а, махкарчу предприятийн гӀирсаш а, технологеш а, сурсаташ а довзийтар а, даржор а йу цуьнан Ӏалашо.
Россин регионашкара а, Нохчийчуьра а 60 сов предприяти хир йу цигахь дакъалоцуш.
ГӀишлошйаран декъера а, промышленностан индустрера а предприятеш уьш хирг хилар хоуьйту вовшахтохархоша.
Ламасте дирзина ма-хиллара, хӀора а шарахь и гайтам вовшахтухуш йу гайтамийн «АктивЭкспо» компани.
Карарчу шарахь цунна гӀо-накъосталла деш йу НР-н гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерство.