
Кадыров Рамзана Соьлжа-ГӀалахь тӀелаьцна ПСБ-н Куьйгалхо Фрадков Петр.
Белхан гӀуллакхца вайн махкахь волчу цо хаийтина ша куьйгалла деш йолу банк Нохчийчохь цхьамогӀа проекташ кхочушйарехь дакъалаца лаам болуш хилар.
Масала, совдегараллин проекташ кхочушйарехь, бизнес-декъана леринчу ипотекийн а, кредитийн а программашкахь, и.д.кх.а.
Цул сов, республикин экономика кхитӀе кхиорехь а, промышленностан тӀаьхьалуо гучуйаккхарехь а гӀуллакхаш кхочушдар а Ӏалашонехь ду ПСБ-н.
Цунна тӀе а тевжаш, цхьаьнагӀуллакхдаран хьокъехьчу бартана куьйгаш йаздина Кадыров Рамзана а, Фрадков Петра а.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, герггарчу хена чохь беркате жамӀаш хир долуш барт бу иза.