Боксехула Европин хьалхейаккхарехь вайн спортхоша толамаш баьхна

Эрмалойчоьнан пачхье йолчу Ереванехь дӀайаьхьна Боксехула Европин хьалхейаккхаран турнир.

Россин вовшахтоьхначу тобано дика жамӀаш гайтина цигахь.

Къаьсттина хазахеташ ду цигахь толамаш баьхначу спортхойн могӀарехь Нохчийн Республикин 2 векал а хилар: Дакаев Билал а, Расуев Ахьмад а.

Республикин спортан «АХМАТ» комплексан векал ву и ший а.

Дакаев Билал, Болгарин векал а иэшош, 60 кг йозаллин декъехь тоьлла, ткъа Расуев Ахьмад, Румынин векална тӀехь толам а боккхуш, 92+ кг йозаллин декъехь тоьлла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: