Цхьаверг кхелхича, иза дахаран тIаьххьарчу, эхартан хьалхарчу новкъа ваккха хьалаайбале цунах лаьцна дош ала аьлча, цхьаьннан а ала дош доцуш, тийналла хIутту. Ткъа цхьаверг кхелхича – цунна тоьшалла дан луучеран йист ца хуьлу… ЯлхалгIа де ду Абдурахманов Баштин Дукхуваха дIаваьлла, тахана а, цунах лаьцна дика дош ала лууш ву массо а нохчи. Массо а. Иза тамашийна хIума ду. Иза дика билгало ю. Дукхуваха декъалхиларан билгало. Дала мукъ лахь.
Иза Баштин а, цуьнан гергарчеран а велла ца Iа. Нохчийн дерриге а халкъан а велла. Иштта хьал суна, сайн цергахь, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дIаваьллачул тIаьхьа гина а дацара. Мехкан тезет хIоттий Дукхувахас, деза лазар а текхна, хIокху харц дуьненара дIа а вахана.
2-чу июлехь «Грозный» телерадиокомпанис кхайкхарца, цигахь вовшахкхеттера Абдурахманов Дукхуваха везаш, вевзаш, цуьнца болх беш хилларш. Царна юкъахь министраш, Iилманчаш, депутаташ, журналисташ, хьехархой, артисташ… бара. Массара а цхьабосса тоьшалла дора вайх къаьстина дIавахана Дукхуваха шен къоман бакъволу воI, къонах, патриот хиларна. Дуьйцура цуьнан хаза гIиллакхаш, яхь-юьхь, оьздангалла, эхь-бехк, стогалла, собар, доьналла, ийман.
ХIораннан а дара цунах лаьцна ала довха, мерза, бакъ дош. Амма дог доьлхуш, бIаьрг боьлхуш, дош ца алалуш берш а бара. Царах яра Байдаева Билкъис. Шега кховдийна микрофон юха дIаелира цо, бIаьрхиш лешачуьра совца а ца делла. Цунна цхьамма а бехк ца биллира. Буьллийла а дацара. ХIунда аьлча кхузахь вовшахкхеттачарна массарна а хиллера боккха эшам, церан дегнаш а дара доьлхуш, Iийжаш, гIайгIане…
Дукхувахин хьокъехь тоьшаллаш дора. Амма суо, стенна делахь а, кест-кеста неIарехьа бIаьрг бетташ хаавелира суна, сайн са тIе а ца кхуьуш, Дукхуваха оцу неIарех чоьхьаволу ларвеш. Иза чIогIа ван лаарна. Хила йиш йоцург, хила амал доцург хилча ларйо боху-кх неI, хьайна оьшург, айхьа сатуьйсург, и неI а йиллина, чоьхьаволийла лууш.
Эххар а неI йиллира. Чоьхьа цхьа а ца велира. Сатийсар эрна дара. Кхузахь вовшахкхеттарш дIасабевлира. Дукхуваха хьехочуьра а ца совцуш….
Д.ПАШАЕВ
№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо