
«Кхерамза дика некъаш» къоман проектан гурашкахь некъаш тодарехь пайдаоьцу махкарчу гIирсех. Автомобилийн некъийн министерство йу оцу хьокъехь хаам бинарг.
Ма-дарра аьлча, буьйцучу белхашна оьшуш болу жагIа а, гIум а, кхийолу коьчалш а вайн республикехь оьцуш йу, ткъа мазот — Россин регионашкахь.
И белхаш дIабахьарехь шайх пайдаоьцуш йолу силаман а, бетонан а модификаторш а, композитан гIирсаш а, аьчкийн конструкцеш а, аьчка-бетонан гIирсаш а, некъан боламан техникин гIирсаш а Россин регионашкахь беш бу.
Цул сов, Россехь йеш йу некъийн тIехулара чкъоьрнаш кечдарехь лелош йолу геобойнаш а, геокIадеш а.
Иштта, карарчу шарахь маьIне хийцам а хилла къоман проектан гурашкахь некъашкахь белхаш дIабахьарехь — ГОСТ 58406.2 лехамашца догIуш долу силам а, бетон а бен йац республикерчу некъашкахь лелош.
Лакхахь хьахийнчу «Кхерамза дика некъаш» къоман проектан гурашкахь 85 некъ бу карарчу 2023-чу шарахь тобан безаш вайн республикехь.
Церан могIарехь ду 174,6 м йохалла йолу 3 тIай а, 96,1 км йохалла йолу 82 некъ а.