«От Героя к Герою» — хӀорашеран машенаш хахкар…

ХӀорашеран «От Героя к Герою» машенаш хахкар хӀокху беттан 7-чохь дӀадолор ду.

Цуьнан маршрутехь Нохчийчохь а, Дагестан а, ГӀалмакхойчоь а, Волгоградан область а хир йу.

И машенаш хахкар нохчийн халкъан цӀейахханчу Турпалхошна лерина ду: 1) Нохчийн Республикин хьалхара Президент а, Россин Турпалхо а волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина; 2) Советийн Союзан Турпалхо волчу Нурадилов Ханпашина.

Соьлжа-ГӀалин мэрис а, «ОвгӀанан а, меттигерчу тӀемийн а, тӀеман девнийн а ветеранийн ассоциаци» йукъаралло а, Волгоградан областехь йолчу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалалло а вовшахтоьхна болх бу иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: