Даздарш хьакъ ма-дду дIахьур ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волчу Эдельгериев Абубакара куьг яздина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 64 шо кхачарна лерина даздаран гIуллакхаш дIадахьарна кечамбаран а, уьш дIадахьаран а вовшахтохараллин комитет вовшахтохаран хьокъехь» йолчу распоряженина. Вовшахтохараллин комитетан председатель хIоттийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, цуьнан заместитель – Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель Магомадов Iабдулла.

Оцу документаца нийса а догIуш, вовшахтохараллин комитета юкъавахана Россин Федерацин Федеральни Собранин Федерацин Советан декъашхо Сабсаби Зияд, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, кхиболу официальни нах.

Иштта чIагIйина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 64 шо кхачаран сийнна дIадахьа леринчу гIуллакхийн план. Нохчийчохь а, Россин кхечу субъекташк ахь а уьш дIахьур ду кху шеран 15-чу августехь дуьйна. Ша-аьлча, 28–29-чуй августехь Дона тIерачу Ростовехь дIахьур ю шахматех сиха ловзаран берийн-кхиазхойн Ерригроссин V-гIа турнир. Ткъа сентябрехь ГIирма Республикерчу Симферополь гIалахь дIахьур ю «Кавказан Аз» цIе йолу регионашна юкъара IV-гIа радиофестиваль.

Оцу хиламна хIоттийначу программин-гурашкахь билгалдеш ду 21-чу августехь даздаран хьолехь «МГЭС-Кокадой» электростанци болх бан йолаялийтар. 23-чу августехь Къоьзана Iома тIехь дIахьур ду «Суна некадар деза» кхайкхамца неканца оцу Iомал дехьадовларан дуьненаюкъара къийсадаларш. Оццу дийнахь кхин цхьа мехала хилам а хир бу – буоберашна хIусамаш лур ю.

Цул совнаха, Нохчийчоьнан ерриге а районашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIера сагIанаш дохур ду. Цунах дакъа кхочур ду вайн эзарнаш-эзарнаш бахархошна а, хьешашна а.

Соьлжа-ГIалахь вовшахтухур бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина леринчу суьртийн гайтамаш, берийн кхоллараллин фестиваль, шахматийн, боксан, мини-футболан, дзюдон турнираш. Хореографин коллективаша концерташ лур ю. Телевиденис а, радиоша а Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина программаш кечйийр ю. Телевиденехь видеороликаш, фильмаш гойтур ю. Республикерчу маьждигашкахь июлехь-августехь Сийлахь Къуръан дешар, кхидолу Iибадаташ дар билгалдина.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан 64 шо кхачарна лерина коьрта даздарш 23-чу августехь Соьлжа-ГIаларчу I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонехь дIахьур ду.

 

Д.АНАДЕВ

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: