Правительствехь тIеэцна мехала проекташ

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствос дIаьхьначу кхеташонехь 9 законан проект  тIеийцира. Цхьаьнакхетар дIахьош Нохчийн Республикин Правительствон председатель Эдельгериев Абубакар вара. Иштта цигахь дакъалецира республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис а.

Проекташ тIехьовсийна яра бахархошна тайп-тайпанчу агIор социальни гIо дарна. Законан проектийн коьрта дакъа доьзна дара хьалхо тIеэцначу законопроекташна юкъа хийцамаш балорца.

Ша аьлча, министрийн кабинето чIагIйира «Нохчийн Республикехь налогаш яларан яъйинчу къепех  а, налогаш яларан патентни къепех а пайдаэцаран хьелашкахь налогашъялархошна-предпринимательшна  0 процент барамехь налогийн ставка хIотторан хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законан проект. Юьртан а, хьуьнан а бахамах, спортах, туризмах йоьзначу предпринимательствох хьакхалуш бу и сацам.

Республикин Правительствос иштта тIеэцна «2014–2020-чуй шерашна юьртан бахам кхиоран а, юьртан бахаман а, аьргаллин а, кхачанан а сурсаташна базаршкахь хIиттош долу мехаш нисдаран а хьокъехь» йолчу пачхьалкхан программина хийцамаш юкъабалорца боьзна болу сацам.

Ярташкахь бехаш болчу гражданийн, цу юкъахь къоначу доьзалийн, къоначу говзанчийн хIусамийн хьелаш тодаран хьокъехь йолчу программица нийса а догIуш, министрийн кабинето сацам бина оцу Iалашонна лерина йолчу хIусамийн 1 кв. метрах 17300 сом мах хIотто.

Кхеташонан жамIашкахула ерриге а проекташ, жимма хийцамаш а беш, тIеэцна.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: