СтелаIад – 5

стела1ад

Журналан хьалхара агIонаш йолало Дуьненан шолгIачу тIеман турпалхой бовзийтарца. Сулейманов Ахьмадан дешнаш далош, цу къизачу тIамехь доьналлица, майраллица мостагIчунна дуьхьал тIом беш эгначийн – Висаитов Мовлидан, Абдурахманов Кантин, Дачиев Хансолтин, Идрисов Абухьаьжин, Узуев Мохьмадан, Умаров Мовлдин, Нурадилов Ханпашин, Магомед-Мирзоев Хаважин – цIерш йовзуьйту редакцис берашна.

Вайн паргIатонехьа къийсинчу турпалхойн сийнна ю Аутиева Зураан «Даймехкан кIентий» байт а.

ТIом кхаьчна, вуон деъна хьийзачу хенахь,

Сан Даймохк, хьан кхиъна турпалхой шортта.

Хьан дуьхьа са делла, эгначу церан

Сий делахь, ДегIаста, хьайн кIентий ларий…

БIаьсте йогIуш хуьлуш йолу дог-ойланаш йовзуьйту Абдулаев Лечас «БIаьсте хьо стенгара йогIу?»  а, Зуцаева Хадишта «БIаьсте яра йоьлуш йогIуш» а байташкахь.

Бераш къинхетаме а, оьзда а, дика а хила Iамор долуш ду Ахмадов Мусан «Яхьйолу ши кIант» стихашкахь дийцар.

Макалов Шамсуддинан «Бадуй, зингаттий» дийцаро гойту могаш а, онда а воллушехь, къахьега ца лууш волу Баду зингато йохье ваккхар.

«ХIай малонча, хьалагIатта!.. Хьо хIунда Iуьллу воьжна? Куьг-ког а могаш ма ду хьан… Дала хьайнамагийначу кепара ахь къахьегахь, хьайна яздина долу рицкъ кара ца догIуш вуьсур вац хьо…».

Оцу дешнаша ойлане воккхий, шен дас дуьйш-дерзош лелийна урда тIехь къахьега волало Баду. Дукха хан ялале хьал-бахам стамбала болалой, юьрто а, махко а лоруш, дика стаг хуьлий веха иза. Ишттачу дийцаро юха а карладоккху къахьегаро бен лакхене кхачош цахилар.

Даима а хазахетарца доьшу бераша шайн дика доттагI хиллачу Махмаев Жамалдин дийцарш. Иштта бен хуьлийла а дац, хIунда аьлча шен дерриге а дахар берашна дIаделла цо. Иштта хIокху номерехь а берийн  аьтто бу Жамалдин «Тамашийна хIума» дийцаран турпалхой бовза.

«Математика – хьесапдаран Iилма» рубрикехь математикехула долу шайн хаарш зен аьтто хир бу берийн.

«Вайна гуонахара Iалам» рубрикехь Боцуев ЯрIелас бIаьстенан муьран башхаллаш йовзуьйту.

Берийн аларш мел хаза хуьлу хууш ду. Иштта, «Бераша олу» рубрикехь Акраманан а, Сулимин а аларш девзар ду.

«СтелаIодан дошам» рубрико хIара номер йоьшуш ца кхеташ хиллачу дешнийн маьIнех кхетор ду.

Аслаханов Сайд-Iалин «СекхаIад кхоссар» ловзаро кхиор ду берийн бIаьрхьесап, нийса-геналлин синкхетам, дегIан меженийн хьуьнар.

Бераша хазахетарца йоьшур йолуш материалаш кхин а ю «СтелаIодан» рогIерчу номерехь.

 

Л.Ибрагимова

 № 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: