Мамакаев Мохьмад. Даймехкан косташ (стихаш, поэмаш, Iилманан болх, гочдарш, статьяш). – 688 агIо.
Нохчийн Республикин Iилманийн академис арахоьцуш йолчу «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазна» серин йоьалгIа том ю М.Мамакаевн хаьржинчу белхийн гулар. Авторан тоьллачу стихашций, поэмашций цхьаьна книги юкъабахна нохчийн тайпанаш талларна лерина Iилманан болх а, ткъа иштта I.Кусаевн, Л.Абдулаевн, М.Ахмадовн, А.Исмаиловн, Ш.Махмаевн, цхьамогIа кхечу авторийн поэтах лаьцна дагалецамаш а.
Рашидов Шаид. Хаьржинарш (стихаш, поэмаш). – 528 агIо.
Нохчийн литературин гIолацаран фондо «Нохчийн литературин библиотека» серехь арахецна ю Нохчийн Республикин халкъан поэтан Ш.Рашидовн хаьржинчу стихийн, поэмийн гулар. Тайп-тайпанчу шерашкахь язйинчу поэтан тоьллачу стихашца цхьаьна книги юкъаяхна «ПотIа барз», «Эсила», «Малх кхеташ», «Деца къамел», «Днепран йистехь», «Аружа», «Ден весет» поэмаш. «Нохчийн литературин библиотека» серин 11-гIа том ю Ш.Рашидовн «Хаьржинарш» гулар.
Эдильсултанов Лом. СинIаткъам (стихаш, дийцарш). – 160 агIо.
Поэзиезархошна евзаш ю поэтан Л.Эдильсултановн цIе. Цуьнан стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь а, шен гуларшкахь а. Нохчийн Республикин яздархойн союзо арахецначу хIокху гуларо мелла а шуьйра йовзуьйту вайна авторан кхолларалла. Гуларехь йоккха меттиг дIалаьцна Даймахках, ненах, Нохчийчоьнах лаьцначу а, ткъа иштта вахаран маьIнех йолчу а стихаша.
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо
